Этнографический диктант

27.03.2025

Нохчийн Республикин Дешаран а, lилманан министерствон тlедилларца Нохчийн меттан институто дlахьучу «Беза, бовза ненан мотт!» цlе йолчу регионан этнографин диктант йазйарехь дакъалецира дешархоша а, иштта хьехархоша а.🪶

Дуьненайукъара ненан меттан денна лерина дlахьучу оцу мехалчу белхан lалашо йара ненан маттах , литературех, иштта къоман культурех долу хаарш кlаргдан а, оцу декъехь кхин а сов довза лаам гlаттор а.

Дала тlаьхье беркате йойла!✨